Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министерствоно, Нохчийн Республикин дешар кхиорон институтаца а

18.01.2019

«Соьлжа-Г1алин белхало» ц1е йолчу издательствоца а цхьаьна, д1адаханчу 2018-чу шарахь ладаме белхаш бина вайн школашкарчу берашна нохчийн меттан а, литературин а Iаматаш карлаяхарехь а, зорба а тоьхна уьш дешархошна д1акхачорехь а.Ша аьлча, дешаран керлачу федеральни стандарташца йог1уш а йолуш, карлаяьхна арахецна юьхьанцарчу классашна (1-ра – 4-г1а классаш) лерина йолу нохчийн меттан а, дешаран а Iаматаш (автор Солтаханов Ибрах1им). Ша 1амат хилла ца 1аш, оцу 1аматийн комплекташ юккъе дог1у, х1инццалц вайн хилла доцу: методически куьйгаллаш а, дешаран тетрадаш а, электронни юххедахкарш а.Цул сов, керлачу стандарташца нисъеш, ширделла, советийн заманера дисна, х1умнаш д1а а дохуш, карлаяьхна арахецна 5-чу классера дуьйна 9-чу клаассе кхаччалц йолу нохчийн меттан а, литературин а 1аматаш, шайца лакхахь дагардина, комплект юккъе дог1у, юххедахкарш (приложениш) а долуш (Овхадов Муса, Абдулкадырова Раиса, Эдилов Салавди, Ахмадов Муса, Алиева Зарина). Уьш а дешархошка д1а а кхачийна, болх беш ю тахана.Iамател сов хьехархошна г1оьнна арахецна: «Берийн бошмашна а, юьхьанцарчу классашна а лерина хрестомати», «5-чу классашкара дешархошна лерина нохчийн меттан диктантийн гулар», «Юьхьанцарчу классашкара берашна лерина суьртийн нохчийн-оьрсийн-ингалсан дошам», «Сочинени язъян 1амор» ц1е йолу пособи, «Изложени язъян 1амор» ц1е йолу пособи, «Дагалецамийн денош а, суьйренаш а» ц1ейолу сценарийн гулар, иштта цхьамог1а кхин а дешаран литература а.