Бовза беза хьай ненан Мотт
13.04.20182018 шеран 23 апрелехь Нохчийн республикан дешаран а, Iилманан а Министерствос д1ахьур ю нохчийн меттан Денна лерина Йоккха этнографический диктант " Бовза, беза хьай ненан Мотт!" Диктант д1аяхьа аьтто кхоллар т1ехь ду (т1едиллина) Нохчийн Республикан массо а дешаран организацешна.
"Бовза, беза хьай ненан Мотт!" Диктант д1аяхьаран 1алашо ю нохчийн матте болу безам кхиор а, цуьнан вайн дахарехь лелар совдаккхар а, Нохчийн Республикан бахархойн ненан маттах долу хаарш алсамдахар а.
Диктантехь дакъалаца таро хир ю дешархойн, церан дай-нанойн, хьехархойн.Ишта Диктант язъян йиш ю лууш волчу муьлхачун а, и д1ахьочу дийнахь цхьана пунктехь регистраци йичахьана.