День родного языка

21.02.2020
Нохчийн мотт бийцина ца Iаш, ойла а нохчийн маттахь ян Iама дезаш ду вай. Вайн уггаре а коьртачу декхарех цхьаъ хила деза нохчийн мотт бийца Iамор, цуьнга марзо кхоллар. Цу тIехь болх бан а беза вай. Тахана паргIат и бийца хууш, цуьнан бакъонаш евзаш берш баккхийчарна юкъахь бен бац. Кегийрхой чIогIа ледара болх беш бу нохчийн мотт Iаморна тIехь. Вай тоьлла хьелаш кхолла деза вайн тIекхуьуш йолчу тIаьхьене нохчийн мотт Iамабайта, лакхарчу тIегIане даха деза дешаран гIуллакх.